Лаарх мах хадалур боцуш, хазалла йусталур йоцуш, цӀеналлин йист карор йоцуш, шен къоман маргӀал санна гӀайгӀане, лекхачу лаьмнел исбаьхьа, дуьненан дерриге дика шена ала догӀуш бу ненан мотт.

Оьрсийн матте гочдича, «материнский язык» бохург ду иза. Ткъа шаьш оьрсаша «родной язык» олу. «Ненан мотт» аьлла, кху маьлхан дуьненахь уггаре йеза, мерза, кӀеда йолчу ненаца дустаро гойту, нохчаша шайн меттан мел сий деш хилла.

Дукха хенахь дуьйна иштта лаккхара мах хадош лерина бу вай вешан мотт. Нохчийн къоман истори Ӏаламат чолхе, лазаме йу. Массо хенахь шайн сий дайъина, шаьш гора хӀитто гӀиртинчу мостагӀашца тӀемаш деш, эгна нохчий. Мохк а, мотт а ларбархьама, синош дӀадалар дукха ца хетта царна. «ТӀаьхьлонан дуьхьа», бохуш, ца кхоийна цара шайн а, шайн берийн а догӀмаш. Ткъа таханлера хьал гича, шайх вай деш долу дозалла, цара вайх дийр дарий-те?

Муьлхха къам дийна хиларан коьрта билгало йу цуьнан буьйцуш мотт хилар. 2009-чу шарахь ЮНЕСКО-с йукъара дӀабала кхерам бу аьлла билгалбаьккхина вайн мотт. «Бакъ дац! Дуккха а наха буьйцу ненан мотт. КӀеззиг бу иза ца буьйцурш», – ала тарло. Амма, вайна мел ца дезарх, бакъдолу хьал лазаме ду. Хийла бераш хуьлу вайн, ненан маттахь дийца а ца хууш, шайга бохучух а ца кхеташ, оьрсийн мотт буьйцуш. Лазаме дац иза церан дайшна-наношна, шайн гӀалат ца хета царна иза. Мелла а, дозалла до цара, шайн берана оьрсийн мотт хаарх.

«Со ара ваьлла, гӀали йуккъе ваьлча, хӀинцалерчу кегийрхоша оьрсийн дешнаш йукъа детташ, оьрсийн мотт лелош, нохчийн маттахь вистхилар эхь ду аьлла коьртехь чӀагӀделла долуш, уьш сайна гуш, чӀогӀа дагчу ца тарло, йа цкъа а тар ма лойла. И бийца ца хаарал сов, нийса йазйан хууш доцчу адамах атта чам а ма ца боьду (и бохург дац, даккхий дийцарш йаздан хаа деза бохург, амма «повседневный, элементарный» дола дош муха йаздо хууш ца хилча, суна лазаме ду-кх иза), нохчийн маттахь йешар дуьйцур дац, хӀунда аьлча иза вайн йоккха ледарло йолу дукха хан йу, классехь дешархошна йукъахь и нийса йеша хууш кӀезиг хиларна», - иштта йалхайо шен лазаме ойла вайн цхьана махкахочо.

Хир дац цхьана а ден сий, шен къоман, шен меттан сий ца дечун. Уггаре деза леринарг лардан ца хиинчунна, доьналлица ваха ницкъ кхочур бац. Ткъа дахаран чолхечу новкъахь цкъа шен сий дожо бахьана даьккхинчунна кхидӀа корта айина лела меттиг йац. Кийча хила веза хӀора а шен йахь дӀа ца йала, цӀе бех ца йан, дуьненчохь мел веха цхьанна хьалха гора а ца хӀуттуш, хазачу дуьнене дӀаваха. «Мотт бац - къам дац!» эрна ца аьлла. Хир дуй сий шен къам ца дезачун? Дезар дуй шен къам мотт ца лоручунна? Ша схьаваьлларг ца дезар — ша ца ларар ду. Меттан сий ца лардар ша шен хама ца бар ду.

Ненан мотт бицбинарг ша шех ваьлла ву, хӀунда аьлча шен цхьа деза дакъа ду цо кхоамза тесна дуьтуш дерг. Стага буьйцучу матте хьаьжжина хила тарло цуьнан дахар, олуш ма-хиллара, "Ахь динчу доӀанех терра хира ду хьан валар а".

Айша Эльтуева



При копировании материалов ссылка на сайт обязательна