Нохчийн Республикин Мехк-Ден, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Указца нийса а догIуш, вайн республикехь хIора шарахь а лаккхарчу тIегIанехь даздеш ду Нохчийн меттан де. Ткъа хIокху шарахь вайн Мехк-Дас хIара 2023-гIа шо «Даймохк» газетан бIе шо кхачарна лерина, Нохчийн меттан шо дIакхайкхийна, доккха хазахетар а, боккха кхаъ а бина кху дуьненарчу хIора а нохчичунна. Цунна лерина, хIокху шарахь вайн махкахь нохчийн маттана гонаха дан леринчу гIуллакхех а, «Даймохк» газето беш болчу балхах а лаьцна тхан къамел хилира Нохчийн Республикин «Даймохк» газетан коьртачу редакторца Шамсудинов Бувайсарца.

 - Дикка хан йу, нохчийн мотт дуьненара дIадовлуш долчу меттанашна йукъахь бу бохуш, дуьйцу. Мотт дIа ца балийта а, тIехIоьттина долу хьал хийца а хIун дан деза аьлла хета хьуна?

- Со цу ЮНЕСКАХ чул а ч1ог1а вайн нохчийн къомах теша. Вайн къоман синкхетамах а теша. Нохчийн къоман кхин а сирла хир долчу кханалерчу дийнах а теша. Мел чIогIа кхерам бу бохуш, ЮНЕСКО-с иза кхайкхорах, цхьа нохчи дуьнен тIехь мел ву мотт дIабала йиш йац. Ас хьалха билгал а даьккхина, хIинца а боху – вай цадезачара вайна тIехь кхуллуш хIума ду иза. Вайн мотт а, къам а дIадалийта луучара дуьйцуш а ду. Амма цкъа а и луур церан дер а дац, дала йиш а йац. Дуьненан цхьанна а пачхьалкхехь доцчу кепара нохчийн мотт кхиорехь, иза баржорехь, меттан гIуллакх лаккхарчу тIегIане даккхарехь шен ницкъ кхочург деш ву вайн Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Оцу кепара гIо-накъосталла а долуш, мотт кхиорехь къахьега хIумма а хала дац. Оцу вай тахана схьалаьцначу некъахула, дIаса а ца таьIаш, дIадаха дезаш ду вай. Дийнна нохчийн меттан институт йу махкахь кхоьллина, болх беш. Мотт электронни машане боккхуш бу. Кестта муьлхха а, оьрсийн йа ингалсан маттахь санна, парггIат нохчийн маттахь хаттар йаздан а, цунна жоп каро а йиш хир йу электронни ресурсашкахь. ДIахьош дукха вовшахкхетарш ду, къаьсттина берашца, хIунда аьлча иза тIекхуьу чкъор ду, мотт ларбар церан декхар ду. Ткъа уггаре а коьртаниг, мотт баха бисийтарехь дан дезарг ¬– иза мотт бийцар ду. Чохь, доьзалца, нанас бераца, вовшашца, арахь, белхан меттигашкахь, йукъараллин меттигашкахь. Вай даима а бийца безаш а, буьйцуш а бу ненан мотт. Цундела, вай цадезачара хIуъа кхолларх а, маттаца долуш долу хьал вайн махкахь хилла а ца Iаш, дуьненахь а ма-дарра гуш ду. И гуш дерг галдаккха йолчу Iалашонца лелош хIуманаш ду уьш.

- Вайна ма-хаъара, хIокху тIаьхьарчу шерашкахь, нохчийн меттан бакъонашна йукъа масийттазза хийцамаш бина. Школехь доьшучу берийн хааршна пайдехь буй-те уьш?

– Нохчийн меттан бакъонашкахь хийцамаш бу. Иза бакъ ду. Делахь а, тIаьххьара хиллачу сацамца, керлачу бакъонаша берашна дикачу агIор бен тIеIаткъам бойла дац. Дукха хьолахь, мотт цхьанакепа берзор ду церан коьрта Iалашо. Маттахь цхьа дош шина кепара йаздеш хилар а дIадаьлла, нийсайаздарехь долу хьал а дикка аттаче дериг хиларх тешна ду вай, и бакъонаш бахьана долуш. Берийн хааршна, дикачу агIор бен, цхьа а тIеIаткъам бийр болуш хIума дац иза.

– Нохчийн Республикин Мехк-Дас, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана, хIара карара шо Нохчийн меттан шо ду аьлла, дIакхайкхийначул тIаьхьа дуккха а 1едалан урхаллаша жигарабаьккхина маттаца беш болу болх. Дикачу агIор цхьа а хийцамаш гой хьуна оцу гIуллакхан хьокъехь?

– Дуккха а го. Масала, уггаре а хьалха, матте безам кхоллабелла берийн. Хьехархой а, кхитIе а долчу дешаран белхахой а хьалха хиллачул а алсам, церан тидам маттана тIебохуьйтуш а, ненан матте безам кхуллуш а болх беш бу. Цхьана хIуманна тIе берийн безам бахийта а, церан безам, дог-ойла йухайалийта а дукха хIума ма ца оьшу. Цундела ма ду тIекхуьучу тIаьхьене и санна долу хIума даггара дIакховдор. Хазахетарца дIахьо бераша и санна болу, ненан маттаца болу болх. Къаьсттина культурин, дешаран дакъошкахь ду и хьал. Керлачу агIор схьабоьллу бераша шайна ненан мотт. Къоман иллеш, эшарш, гIиллакхаш, дерриге а го царна. Го, шайна дIакховдийча. Вай даккхийчара дан дезаш гIуллакх ду иза. Мало а ца йеш. Цул сов, вайн кхечу ведомствошкахь а, министерствошкахь а дIахьош дуккха а цхьаьнакхетарш, «Горга стоьлаш» йу. Цара гIо до вовшашца уьйраш, гергарлонаш таса. Нохчийн маттахь, нохчийн маттах къамел дан а, вайн меттан хиндолчух долчу хаттаршна жоьпаш лаха а.

– Вайна ма-хаъара, нохчийн мотт хаарехь къовсадалар ду вайн махкахь дIакхайкхийна. Хьо вуй цу йукъахь дакъалоцуш?

– Со цу йукъахь вац. Цу йукъахь болчеран хIораннан а аьтто хила лууш-м ву со. Цкъа делахь, сан хан йацара цу йукъахь дакъалаца, шолгIа делахь, ас нохчийн мотт массо а хенахь лелийна а, лелош а бу. Ткъа оцу, Дела реза хуьлда цунна, Дала Иза дукхавахавойла вайн Нохчийчоьнна, вайн Мехк-Дас Ахьмад-Хьаьжин Рамзана дIакхайкхийначу оцу къовсамо, Дала мукъ лахь, вайн нохчийн меттан сий кхин а хьалаайъина, иза шайн дахарехь лелон оьшурш кхин а алсамбевриг хиларх тешна а ву со. Цу къовсамехь хьалхара меттигаш йаьхнарш, со велла дIаваллалц, церан доггаха сий а деш, лара дагахь а ву со.

– «Даймохк» газето сих-сиха тайп-тайпана къийсадаларш дIахьо шен дешархошна йукъахь. Махкахоша муха тIеоьцу и санна долу гIуллакх? Ненан маттаца долу церан гергарло гучудолий оцу балха тIехь?

– ЧIогIа долу. Беркате хуьлу оха дIакхайкхочу муьлххачу а къовсадаларан тIаьхье. Тхайн газетан сайтийн агIонашна тIейаха а ца ларош хуьлу махкахоша схьатуьйсуш йолу роликаш. Хуьлийла уьш байташ йешаран, йа прозехь йазйинчу произведенийн кийсакаш йешаран. Пхи шо кхаьчначу беранна тIера дезткъа шо кхаьчначу къаночунна тIекхаччалц хенаш йолу бахархой хуьлу царна йукъахь дакъалоцуш. И санна долчу гIуллакхехь коьртаниг балгалдолу: къоманна мотт безаш хилар. И безачарна воккха йа жима хилар цхьа маьIна долуш цахилар. Иза кхиорехь, баржорехь, Iалашбарехь доккха дакъалаца берриге махкахой кийча хилар а гойту оцу конкурсаша. И гIуллакх ламасте а дерзийна, кхидIа а дIадахьа дог-ойла йолуш ду тхо, Дала мукъ лахь!

– Стенна тIехь болх беш бу газетан белхалой карарчу хенахь? Цхьа а леррина бина д1ах1оттам буй билгалбаьккхина?

 – Газетана даима а коьртачарах цхьаъ хилла йукъараллица йолу йукъаметтиг. ХIинца а хийцаделла дац и хьал. Лакхахь ас билгал ма-даккхара, оха дIакхайкхадо тайп-тайпана долу къийсадаларш. Уьш бакккхийчарна йукъахь хилла а ца Iаш, кегийрхошна а, школерчу дешархошна а йукъахь дIахьош йу. Толамхой билгалбахар газетан кхерчахь дIахьо. Церан дог-ойла гIаттош, ахчанца а, Сийлаллин грамоташца а, кхидолчу совгIаташца а билгалбоху оха уьш. Махкарчу тайп-тайпанчу организацешца, учрежденешца, ведомствошца цхьаьнакхетарш дIахьо. Дуьйцу нохчийн маттахь цхьаъ бен доцчу «Даймохк» газетах а, цуьнан 100 шо кхачарх а лаьцна. Бовзуьйту газетан коьртехь лаьттина а, цунна йуккъе доккха дакъа диллина а болу йаздархой, поэташ, журналисташ, йукъараллин декъашхой. Иштта, тхан цхьаьнакхетарш хуьлу дешаран учрежденешкарчу студенташца а, дешархошца а. Оха беш болу болх йукъараллица бу. «Даймохк» а ма ду йукъараллин газет. Дуьненахь а, махкахь а дерг довзуьйтуш кар-кара хаамаш дIалуш болу коьрта гIирс бу иза.

– Махкал арахьа бехаш болчу нохчашна ненан мотт безийтарна, цаьрга иза бийцийтарна тIехьажийна цхьа а болх буй газето дIахьош?

– Муьлххачу дуьненан маьIIехь бехачу нохчашца гергарло ду газетан. Оха дIакхайкхочу конкурсашкахь жигара дакъа а лоцу цара. Иза иштта хилар уггаре а коьртачарах ду. ХIунда аьлча, кхузахь вай ду маттана гIаролехь лаьтташ, махкал арахьа уьш бу. Вай ойла а йеш, ненан маттаца долу хьал цхьаьна лардеш ца хилахь, башхалла а йоцуш, миччахь хилча а мотт дIабер бу. Масала, Иорданерчу нохчаша боккха болх бу ненан мотт кхиорехь дIахьош. Цара шайн кегийрхошна схьайиллина леррина школаш. Цигахь беккъа нохчийн мотт бу хьоьхуш. Иштта, боккха тидам тIебохуьйту цара доьзалехь ненан мотт бийцарна. БIе шо сов хан йу уьш махкара арабевлла дIабахана. ХIетте а мотт ларбан, иза безаш Iалашбан ницкъ, кхетам тоьъна церан. И санначу гIуллакхо дог-ойла гуттар ойъу тхан, кхидIа къахьега дог а доуьйту.

– «Шен мотт ца хууш волу нохчи» бохучух муха кхета хьо?

– Шен нохчийн мотт хууш воцург – нохчи а вац-кха. Мотт бацахь къам доций хууш ма ду вай. Мотт хууш а воцуш со нохчи ву муха эр ду нохчичо. Шен тIаьхьенна муха дуьйцур ду цо нохчаллех, гIиллакхех, къонахаллех лаьцна? Кхечу къоман маттахь нохчи хила Iамалур вуй-те цхьа а. Цундела, со тешна ву, нохчийн мотт а ца хууш, нохчи хирг цахиларх.

– Муха го хьуна нохчийн меттан хиндерг?

– Нохчийн меттан хиндерг, Дала мукъ лахь, суна дика го. Догтешна ву мотт кхуьург хиларх. Тахана схьаэцча, цхьа а нохчи мотт йукъара дIабалийта лууш ву аьлла ца хета суна, ура-атталла иза буьйцуш воцург а тIехь. Вайн цIийца, вайн амалца йолу нохчалла цкъа а дIайер йац аьлла, тешна а ву со. Делахь а, хIорамма къахьега деза оцу тIехь, уггаре а хьалха, шен доьзалера дуьйна. Доьзалхо жима волуш дуьйна, цуьнан лерса экаме долуш дуьйна цуьнан кхетамехь бисийта беза шен ненан мотт. Нанас туьйра дийцарца, илли аларца, ненан тийжамаш, узамаш ма хилла вайн къонахийн дегнаш дузийна, кхиийнарш. Дикачу гIуллакхашна уьш йохье баьхнарш. Ненан мотт ма хилла царах къонахий бинарш. Мотт бийца, Iалашбан, баржо Iаламат йоккха маршо йу вайгахь тахана. И вайна йелларг вайн Мехк-Да, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан ву. Оцу кепара маршо цкъа хилла а йац вайгахь. Вайна йоккха гIортор йу иза. Доккха накъосталла ду. Цундела вай а хила деза цунна накъостий. Ницкъ ма-кхоччу цо вайга белла тешам кхочуш а беш.


При копировании материалов ссылка на сайт обязательна

test 2Новости СМИ2