«Чечня Сегодня - Информационное Агентство Чеченской республики»Chechen news in ArabicChechen news in English

Чечня Сегодня - Информационное Агентство Чеченской республики - Новости, обзоры, аналитика. Все о А. А. Кадырове.

Главная
Нохчийн мотт
Заманан я мIаьргонийн лар Печать E-mail
05.11.2009 г.
Image05.11.2009 /11:29/ «Хаза хиллера-кх яхана  зама» – олу  вайх  хIорамма  а,  вешан  дагалецамийн  лорах  новкъадевлча. ДIадаьлларг: жималлий,  хаза  ханний  безам  хеташ  деха  вай.  Ткъа  хиндерг,  гундерг…  хьанна хаьа  хIун  дохьуш  йогIур ю  зама?... Бераллехь  ша-тайпа хуьлуш  хиллера  хIуманан  чам,  бос, мах. Кхин  хIумма  ца хилча а, хIетахь  вай  моз  дина  йиинчу  комарийн, хIинца  тIекхевдина  чам а  ца  баккхало. Дуккха а хьалха  ду иза. Тхайн  лулахочуьнгара, оьрсийн  воккхачу  стагера, мацах  Сибрех  кхалхале  хьалха  тхешан  хиллачу  бешан ах  схьаийцира  оха  цхьана дийнахь.
 
Кавказан тIаьхье Печать E-mail
28.10.2009 г.
ImageНохчийн гуьржийн халкъийн гергарло тахана кхолладелла дац. Оцу доттагIаллин орамаш  генна  хьалхзаманан кIоргене дIадоьлху.
Ширчу тептарш тIехь дуккха тоьшаллаш ду Гуьржийн пачхьалкх кхолларехь, кхиорехь нохчаша жигара дакъалаьцна хилар тIечIагIдеш. Амма цунах лаьцна уггаре къегина масалш нохчийн турпаллин иллешкахь карадо. «Картлис Цховреба» цIе йолчу гуьржийн ширчу тептар тIехь билгалдаьккхина  ду гуьржийн, нохчийн къаьмнаш цхьана вежарийн тIаьхьенех схьадевлла ду аьлла. Нохьа-пайхамарх схьабевлла лору цу тIехь  гуьржий, нохчий. Нохьех схьаваьлла Яфет, Яфетах–Таршис, Таршисах– Таргамос,Таргамосах–  Кавкас, Кавкасах– Дзурдзук. Цуьнан тIаьхьенех лоруш бу нохчий.
 
Дикачу накъостах дош Печать E-mail
28.10.2009 г.
ImageСо  вуно  чIогIа  цецвелира журналистан,  прозаикан,  актеран  тухашев  Хьамзатан  кхузткъа  шо  кхаьчна  аьлча.  Цуьнан тIахъаьллачу  боларе  хьаьжча, юьхь-сибат  гича,  самукъане-чу  амалан  тидам  бича,  цуьнан  даима  зевне,  сирла,  цIена  велавалар хезча – ткъа суна иштта даима а къона волу иза гина бутт  а  бац,  –  со  цкъа  а  тешар вацара  цуьнан  кхузткъа шо  ду, аьлча. Суна вевзичхьана цуьнан амалш  хийцаелла  цахиларна  хила мега иштта. я суна и къанлойла  ца  лаьа,  хаац.  Бакъдерг аьлча,  кхузткъа  шо  къанвалар дац, стаг гIеметтахIоттар ду. Ткъа  суна  тухашев  вевза  шовзткъа  шо  гергга  хан  ю. Дуьххьара  суна  иза  вевзира Советски  Союзан  турпалхочун Нурадилов  Ханпашин  цIарахчу.
 
Швейцарех дагалецамаш (Хьалхар дакъа) Печать E-mail
19.10.2009 г.
Куьркахь хьийзайо экъа санна, Цюрих гIали тIехула, гуо тоссуш, хьаьвзина, хIаваан ламица, лаьтта охьадоьссира тхан кема... Швейцари ю хIара, сан хила ца йитина Нохчийчоь, сан мехкан хиллачу сатийсамийн кхочушхилла даьлла туьйра. Швейцаре – сайн эзарза йийначу Нохчийчоьнан «коша» тIе еъна со. Нохчийчоь, хьо иштта, хIара санна ирсе гаре сатесна, ма кIезиг ца бели хьан кIентий! Трапан ламеш чекхдевлча, цу лаьтта дуьххьара айса ког буьллуш, ас къулха дийшира дагахь. Суна деза хетара и латта, суна ирс хийтира оцу лаьттан.
 
<< Первая < Пред. 1 2 След. > Последняя >>

Результаты 1 - 4 из 6

Опрос

  В какой стране Вы проживаете?

 

 Нужно ли переводить обучение в начальных классах  школ ЧР на чеченский язык?