Eng     PDA-версия     Музыка     Видео

          Регистрация    Преимущества регистрации     Добавить статью   Всего: 2317

Главная
Даймохк
Казахстанехь дIадахана дахар Печать E-mail
21.12.2010 г.
ImageНах махках баьхна, дIабахийтинчул тIаьхьа масех шо даьлча, уьш чу садеана, когахIитта буьйлабелча, халкъан дахар юха а ша хьалхазаманашкахь дуьйна схьадеанчу шен ширачу гIиллакхийн, Iадатийн хорша дерза доладелира. Оцу новкъа йовлуш яра адамашна юккъера юкъаметтигаш а. Кхидолу гIиллакхаш меттахIитта дуьйладаларца цхьаьна нохчашна юккъехь шуьйра даьржира синкъерамаш бар а. Иза вайн халкъан амалца, ойланца, Iадаташца, гIиллакхашца догIуш а ма-ду. Вота тохаро, илли аларо, пондар лакхаро, забар яро байбо тIебеана бала, сингаттам, дог-ойла гIаттайо, дицдо вуониг.
 
Хазаллин говзанча Печать E-mail
21.12.2010 г.
ImageНохчийн Республикерчу искусство езархошна доккха совгIат хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу галерейхь Базоркина Азин суьртийн гайтам схьабелларх. Кхузахь гулбеллера республикан культуран а, искусствон а векалш, студенташ, дешархой, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой. Гоьваьллачу вайнехан яздархочун Базоркин  Идрисан йоьIан Азин дахаран корматалла лор хилар елахь а, шен дагца, похIмалица художник ю иза. Цунна къеггина тоьшалла дира гайтамехь хиллачу суьрташа. Церан коьрта чулацам – Даймехкан беркате Iалам.
 
Хьехархойн институтехь цхьаьнакхетар Печать E-mail
21.12.2010 г.
ImageКегийрхошна  юккъехь  экстремизм а,  терроризм  а юхатохаран   республикан планаца  нохчийн   пачхьалкхан   хьехархойн  институтехь  (ЧГПИ) Iедалан   органийн   векалш   цхьаьнакхийтира   студенташца. Къамелехь   дакъалецира   Нохчийн Республикан Парламентан   депутаташа  Юсупов  СаIида,  Бетрахмадов  Руслана,  Хамбиев Мохьмада, республикан  арахьарчу   зIенийн,  къоман   политикин.  зорбанан,  хаамийн  министерствон  шуьйрачу  хаамийн гIирсийн  департаментан   директоран   декхарш   кхочушдеш   волчу   Хатуев  Ислама.
 
Налогаш гулъяро алсамдаккха таро ю Печать E-mail
21.12.2010 г.
ImageНохчийчоьнан консолидированни бюджете налогаш дIаялар стохкалерчуьнца дуьстича дикка лакхадаьлла. Карарчу шарахь гулйина 5 миллиард сов налогаш. ДIадаханчу 2009-чу шарца дуьстича 103 процент хуьлу иза. Цу хьокъехь дийцира Нохчийн Республикан Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Россин федеральни налогийн хьукматан Нохчийн Республикехь йолчу  урхаллин куьйгалхочо Вазарханов Ислама. Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим.
 
<< Первая < Пред. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 След. > Последняя >>

Результаты 1 - 4 из 189
                                         

«Березовый сок» российской олигархии
19.01.2012 /10:52/ В лондонском Коммерческом суде на Феттер-лейн спустя 10 лет после окончания «лихих девяностых» российские олигархи Борис Березовский и Роман Абрамович объясняют
Подробнее...
Комментарии (1)

Витки
23.12.2011 /10:39/ Интересно наблюдать, как в твоей жизни происходит новый виток, повторяющий события 20-летней давности. Герои прошлых революций - уже  поседевшие
Подробнее...
Комментарии (26)

17 лет спустя…
19.12.2011 /10:23/ 17 лет назад , 11 декабря 1994 года на территорию Чеченской Республики были введены подразделения Минобороны и МВД России. Этот день стал точкой
Подробнее...
Комментарии (17)
ТВ-программа спутникового вещания ЧГТРК "Грозный"
с 30 января по 5 февраля       Смотреть  Скачать
«Грозненское Радио» 105.4 FM On-line вещание
Видеоролики
___________________________________


Чтобы скачать видеоролик или установить на свой сайт, наведите на него курсор мыши

Специальный репортаж

Волос Пророка (а.с.а.)

2000 год на переломе

Волос Пророка(а.с.а.)

Маьлх-Аьзни

Делан вели

Судьбы людей

Лайн чимийн мукъам

Чаша пророка Мухаммада(с.а.с)(Видеоролик)

Скачать нашид с ролика


Ийманан шовда